Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Юха а верзий, Сан халкъан олахочуьнга Хьузакх-ЯхІуга ала: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доІа а хези, хьан бІаьрхиш а ги. Аса хьо товийр ву. КхоалгІачу дийнахь Везачу Элан цІийне гІур ву хьо. Сан Веза Дела! Ас гІо дийхира Хьоьга, Ахь суна дарба дира. Ас мел хьерчийначу къиношна а геч ма до Цо. Сан мел йолчу цамгарех а то ма во Цо. ша аьлла долу хиндерг хилла а далале. Везачу Элан дашо иза зуьйш хиллера. Шен омра лаьтта тІе хьажадо Цо, Цуьнан дош цига сиха доьду. Цо Шен дош дахийтича, дерриг а дешна дІадер ду. Цо мох тоьхча, хиш дІадуьйлалур ду. ТІемалойн хьаькамо элира Цуьнга: «Эла! Со хьакъ вац Хьо сан тхов кІел ван. Ахьа омра дича, сан ялхо толур вара.
Выбор основного перевода