Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа бисинарш а Дала хІусамаш чу дІатарбо. Тутмакхаш а Дала буржалех паргІатбоху. Ткъа Цунна муьтІахь боцурш яьссачу екъачу арахь ма буьсу. Ва Веза Эла! Со Хьан лай ву, со Хьан гІарбаш йолчун кІант ву. Ахьа паргІатваьккхина со сайн буржалех. халахетар хиллачарна гІо до, мецачарна кхача ло. Везачу Эло тутмакхаш мукъабоху, йийсаре дІабигна болчаьрга: „Арадовла!“ – ала а, боданехь болчаьрга: „Гучудовла!“ – ала а. УьстагІий санна, уьш некъийн йистошкахь бежаш хир бу, дерзинчу гунаш тІехь церан дежийлаш хир ю. БерхІитта шарахь иблисо йихкина латтийна ИбрахІиман тІаьхьенах йолу хІара зуда Далла леринчу дийнахь шен буржалех паргІатъяла мегаш яц?» – аьлла. ЦІеххьана Везачу Элан малик а деана, набахтин чоь серлаяьккхира. Муьшка йина, Кипа сама а ваьккхина, малико элира: «ХьалагІатта сиха!» Цу сохьта Кипин куьйгаш тІера зІенаш охьаийгира. ЦІеххьана, ерриг а набахти меттах а хьовш, чІогІа мохк бегийра. Массо а неІ дІаеллаелира, массо а тутмакхийн гІоьмаш охьаийгира.
Выбор основного перевода