Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло къен верг чена юккъера хьалаайаво, овкъарш юккъера мисканиг схьавоккху. Иза хьалдолчаьрца нийсса дІахІоттаво, цаьрга паччахьаллин сийнна шерет дойту. Дуьненан бух Везачу Элан ма бу, цу тІехь Латта ДІахІоттийнарг а Иза ву. Жа санна, арабовлуьйту цара шайн кІентий, церан кегий бераш дІасалелхаш ловзу. Къен верг Цо хьала а воккху хотта юкъара, мисканиг Цо хьала а ойу ченна юкъара. Цо уьш элашна юкъа охьаховшабо, шайн халкъах болчу элашна ховшабо. Бер ца хуьлуш йолчу зудчуьнан тидам бо Цо цуьнан хІусамехь, шен берех йоккхаеш йолу зуда Цо цунах йо. Везачу Элана бу хастам!
Выбор основного перевода