Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІелхьардахахьа тхо, тхан Веза Дела, схьагулдехьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара, тхоьга Хьайн цІе хастаяйта а, Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а. Ма кхера – Со хьоьца ву! Малхбалера хьан тайпанаш схьадалор ду Ас, малхбузера шу схьагулдийр ду. Къилбаседе Ас эр ду: „Схьало!“, къилбе а эр ду: „Ма сецабе!“ Юхаберзабе Сан кІентий генарчу меттигашкара, Сан зудабераш – дуьненан массо а маьІІера. Хьовсал, уьш генара схьабогІур бу – цхьаберш къилбаседехьара, вуьш малхбузехьара, кхиберш Синайм цІе йолчу махкара». Аса шуьга Со каравойтур ву, – боху Везачу Эло. – Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дІалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, – боху Везачу Эло. – Хьалха шаьш йийсаре дІадигначу метте юхадалор ду Аса шу“. Къилбаседерачу махкара Аса схьабалор бу уьш, дуьненан йистошкара Аса схьагулбийр бу уьш. Цаьрца цхьаьна бІаьрзениг а, астагІниг а, берах ерг а, бер деш ерг а хир ю. Йоккхачу тобанца уьш юхабоьрзур бу кхуза. Халкъаш, ладогІалаш Везачу Элера болчу хааме, хІордан йистехь дехаш долчу генарчу къаьмнашка иза дІахаийталаш: «Исраилан халкъ дІасадаржийначо иза схьа а гулдийр ду. Іуьно шен жа санна, Цо иза лардийр ду». Ас Сайн халкъ кхечу къаьмнашкара юхадерзор ду, Ас иза цуьнан мостагІийн мехкашкара схьагулдийр ду, ткъа иштта Аса дуккха а къаьмнашна хьалха дІагойтур ду, Со веза хилар. Иштта хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла, хІунда аьлча уьш кхечу къаьмнашна юкъа Ас йийсаре бахийтинехь а, хІинца уьш, схьа а гулбина, шайн лаьтта тІе схьабалор бу, царах цхьа а цигахь вуьтур а вац.
Выбор основного перевода