Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГалІад-махкарчу Тишаб-гІалара волчу Эли-ЯхІу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «Шена гІуллакх деш волчу а, дийна волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чІагІо йо аса, хІокху шерашкахь я тхи, я догІа хир дац аьлла, аса омра даллалц». Цул тІаьхьа оцу йисина Іачу зудчун кІант цомгуш хилира. И цамгар чІогІа хиларна, кІентан садаІар а сецнера. Де а Хьан ду, буьйса а Хьан ю. Стигалара серлонаш а, малх а Ахь дІахІоттийна. Цо Эрзийн хІордана омра дича, иза бакъабелира. Хих, гІум санна, екъа хиллачу меттехула Цо уьш дІабигира. Ас лаьмнаш а, гунаш а дассор ду, царна тІера буц а якъор ю. Хиш дІа а лакъийна, гІайренаш йийр ю Ас, Іаьмнаш а дакъийна дІахІиттор ду, хиш дІа а даьхна. Со схьавеанчу хенахь, цхьа а хІунда вацара? Ас кхайкхича, дуьхьал жоп хІунда ца делира? Сан куьг дацделла ткъа шуна гІо дан, я Сан ницкъ дІабаьлла ткъа шу кІелхьардаха? Ас Сайн омрица хІорд бакъабо, хих яьсса аре йо, тІаккха царна чуьра чІерий, хи а ца тоьий, дахкало, хьогаллина ле. Цо омра дича, хІорд а бакъало, дерриг хиш а лекъа. Башан-мохк а, Кармал-лам а маргІалбулу, Ливанун-ломан зазанаш дакъало.
Выбор основного перевода