Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха цуьнан кийрано яа хІума тІе ца оьцу, уггар токхе йолу хІума а цуьнга ца яало. Цуьнан са эхарте кхочуш ду, ткъа цуьнан дахар – Іожалла тІеяхьаш болчу геланчашка. Веза Эла, Ахьа сох къинхетам бехьа, со цавезачаьргахьара аса хьоьгучу баланашка хьажахьа. Іожаллин кевнера со хьалаваккхахьа, ХІунда аьлча сан дог баланех хьаладуьзна, ткъа дахар эхартана уллохь ду. «Ас аьллера сайга: „Сайн дахаран тоьллачу хенахь Іожаллин кевнах чекхвала везаш ву со. Дахаран дисинчу шерех дІахаьдда ву со“.
Выбор основного перевода