Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьаммо и сагІа баркаллин сагІа санна даккхахь, сагІа доккхучу дийнатца цхьаьна цо зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тІехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах йина совсаза локъамаш а схьаян еза. Цийон-лома тІера олалла дечу Везачу Элана ала аша иллеш. Къаьмнашна юкъахь дІакхайкхаде аша Цуьнан гІуллакхаш. Ахьа Далла сагІина хьайн хастамаш а бе, айхьа Веза Воккхачунна дина нигат кхочуш а де. Ткъа сох лаьцна аьлча, суна-м дика ду Далла гергахь хилар. Со ларваран меттиг йира ас Хьалдолчу Элах. Хьан дерриг а гІуллакхаш ас дІакхайкхор ду. Ас баркаллин сагІа Хьуна доккхур ду, иштта доІанца Везачу Эле кхойкхур ву. Со лийр вац, амма вехар ву, Везачу Элан гІуллакхех лаьцна дуьйцур ду. Іийсагахула гуттар а Далла лерина хасторан сагІа доккхийла вай, я, кхечу тайпана аьлча, Цуьнан цІе хастош болу вешан бертан стом лойла вай.
Выбор основного перевода