Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду, хьо декъал а вийр ву, хьан цІе а ойур ю, наха а хьан цІарца вовшийн декъалбийр бу. Иза декъал а йина, цунна кІант лур ву Аса. Цу кІентан да хьо хир ву. Сарат дуккха а халкъийн нана хир ю, цунах паччахьаш схьабевр бу». Суна хезира ахьа ИсмаьІалан цІе йоккхуш. Аса иза декъалвийр ву, цуьнан дукха тІаьхьенаш хир ю. Шийтта сийлахьчу элан да хир ву иза, цунах схьадер ду доккха халкъ. Ткъа Исраилан тІаьхьенах болу нах, деба а дебаш, алсамбуьйлуш бара. Берриг а мохк буьзнера цара.
Выбор основного перевода