Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа хьуна, сан кІант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гІуллакх де, хІунда аьлча Везачу Элана хаьа хІораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дІаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дІатосур ву хьо. Къуреш карзахваьккхинарг Со ма ву, цуьнгахула нийсо кхочушъяйтархьама. Дерриг а цуьнан некъаш нисдийр ду Ас. Цо Сан гІала юхаметтахІоттор ю, йийсаре дІадигна Сан халкъ паргІатдер ду, цунах мах я совгІаташ а ца луш», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Суна хаьа, Веза Эла, адаман карахь доцийла цуьнан дахар, цуьнан карахь дац шен некъ билгалбаккхар.
Выбор основного перевода