Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна аша шайн Везачу Делан весеташка ла ца догІахь, тахана ас весет деш болчу некъа тІера шу дІадерзахь, хьалххе шайна бевзаш боцучу кхечу деланашна тІаьхьа шу хІиттахь, шуна неІалт кхайкхор ду. «Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догІахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тІедиллинарг кхочуш а ца дахь, хІокху неІалтех хьалхадевр дац шу: хьо билггал дика а, догцІена а велахь, Иза хьуна орцах ван хьелур вац, хьуна йогІу хІусам Цо тойийр ю. Везачу Элана ца деза Іесачу нехан некъаш, ткъа нийсачу новкъахула леларш Цунна беза. «Ас дІакхайкхадайтина тептар тІехь долу и неІалт, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Иза хІора къуьнан цІа чу а кхочур ду, Сан цІе а йохуш, харц дуй буучун чохь а хир ду. И стаг а, цуьнан дитташ а, цуьнан тІулгаш а хІаллакдина хир ду». «Нагахь санна аша ла ца догІахь, нагахь санна Сан цІе лара шу доггаха тІедирзина дацахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас шуна неІалташ а кхайкхор ду, шун декъалдаршна сардамаш а духкур ду. ХІинцале а шуна сардам боьллина Ас, аша шайн дегнаш Суна тІе ца дерзийна дела.
Выбор основного перевода