Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ницкъаца хьайн уллорачуьнгара хІума схьа а ма яккха, иштта цунна къола а ма де. ТІелаьцна болх биначунна йогІу ял сахиллалц цунна ца луш ма Іе. Цунна дІабала беза мах цо болх бинчу дийнахь малх чубузале дІало. Иза къен волу дела, и ахча цунна оьшуш ду вахархьама. Иза де, цуьнга Везачу Эле Іаткъам а байтина, шайх къа ца хьарчийтархьама. Шуна хІоранна а ша тайпа похІма кхаьчна. Вовшийн гІуллакх де цу похІмица, Дала тайп-тайпана диканаш деллачу тешамечу хІусамдас санна. Нагахь цхьаъ шен хІума дІадала доггах лаам болуш велахь, Дала иза, цуьнан дала йолчу тароне хьаьжжина, тІеоьцур ду, дала таро йоцург ца хьехош.
Выбор основного перевода