Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нохьин ялх бІе шо а кхаьчна, шолгІачу беттан вуьрхІитталгІачу дийнахь дІаделладелла массо а лаьтта бухара хиш. Оццу дийнахь, стигалш дІасаекъа а елла, лаьтта тІе доккха догІа деара. Иштта, Исраилан халкъ кхерам боцуш дехар ду, Якъубан тІаьхье ша йолчохь ехаш хир ю, кІех а, керлачу чагІарх а дуьзначу махкахь, стигалшкара тхи охьаоьгучу лаьтта тІехь. Мархаша шайн тІуналла охьаІанайо, шортта догІа охьадогІу адамашна тІе. Лаьттан кийрара хиш аралилхинчу хенахь хІордана хьалхара кевнаш дІа хьан къевлина? Ас, духар санна, цунна тІе мархаш ехкира, буькъачу боданна юккъе иза дІа а хьарчош.
Выбор основного перевода