Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн дагахь хилийталаш, шун Везачу Дала, дас шен кІант санна, шу Іамош дуйла а, нисдеш дуйла а. Декъала ву Дала нисво стаг. Нуьцкъалчун таІзар дегаза ма хета, Ткъа вайна тІехь Цо кхел еш хилча, вай нисдеш долу таІзар хуьлу вайна, дуьненах кхечаьрца цхьаьна вайна кхел йина ца хилийтархьама. Делан кІентий долчу шуьга, шу иракарахІиттош, аьлла дешнаш диц-м ца делла шуна? «Сан кІант, Везачу Эло хьо нисварх ца вешаш ма хила, Цо хьайна дечу таІзарна гІайгІане а ма вожа. ХІунда аьлча Шена везаш верг, таІзар а деш, нисво Везачу Эло. Ша тІеоьцуш волчу кІантана етта а етта Цо». Сайна везарг, метта а валош, таІзарца нисво Ас. Цундела, дикане а кхийдаш, даггара Далла тІедерза!
Выбор основного перевода