Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Селхана схьавеана волу хьо, аса тахана тхайца, дІа а вигна, хьийзор ву моьтту хьуна? Суна со кхана мичахь хир ву ца хаьа, цундела, хьайн вежарий схьа а эций, дІагІо. Веза Эла хьоьца баккъалла тешаме хуьлда». Цунна хьалха ларамах буьзна берш Цо кІелхьарбахар герга ду, Цуьнан сийлалла вайн лаьттахь хилийтархьама. хІунда аьлча иза исбаьхьа таж ду хьан коьртана, хьан коча охка хаза туьтеш а ду. Хьайн куьйган пІелгех дІадехка уьш, даг тІехь дІа а язде уьш. Везачу Эло боху: «ЯхІудан халкъан къа аьчка уьрсаца дІаяздина ду тІулгах динчу нехан дегнашна тІехь. Церан къа мокхазца хедийча санна ду сагІа доккхучу кхерчийн маІаш тІехь. ХІара денош дІадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тІаьхьенца, – боху Везачу Эло. – Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тІехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. Аша гойту Дала леррина Къобалвинчун кехат шаьш хилар, оха динчу гІуллакхан жамІ долу. И кехат шекъанца доцуш, ткъа дийна долчу Делан Синца яздина ду. ТІулга тІехь яздина доцуш, ткъа адамийн дегнаш чохь яздина ду иза.
Выбор основного перевода