Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма, шена тІедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тІаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас. «Ас тахана шайна деш долу весеташ леррина кхочушделаш, шаьш дийна хилархьама а, дебийтархьама а, дІа а дахана, шун дайшка Везачу Дала, ваІда а деш, лур ду аьлла долу и латта шайн дола даккхархьама а. Нагахь санна тахана ас шайна тІедуьллуш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогІахь, – шайн Веза Дела везар, Цуьнан некъашца лелар, Цуьнан весеташ а, Цуьнан парзаш а, Цуьнан тІедехкинарш а лардар – шу дехар а ду, шу дебар а ду, шайн дола даккха шу тІедоьлхучу лаьтта тІехь шу декъал а дийр ду. qac Бqac*акъдолу Хьан дош сайн даг чохь латтадо аса, Хьуна дуьхьал сайна къа ца латорхьама. Хьекъалалла а, кхетам а лаха. Ас бохург диц ма де, цунна тІера а ма вала.
Выбор основного перевода