Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІеначу деших а иза лур дац, дети а оьзна, цунах а иза эцалур дац. Апаран дешица а иза дусталур дац, я дезачу тІулгех ониксах а, саппирах а дусталур дац. Я деши а, я цІена ангали а цуьнца дусталур дац, я цІеначу деших йолчу пхьегІех а хийцалур дац. Маржанаш а, чекхсагун тІулгаш а дийца а ца оьшу, хьекъалалле кхачар массо а жовхІарел а деза ду. ДІаэца сан хьехамаш детин метта, хаарш харжа цІеначу дешин метта, хІунда аьлча хьекъалалла жовхІарел а гІолехь ду шуна, лууш долу цхьа а хІума цуьнца дусталур дац шуна. Сан совгІат уггар а цІеначу дешил а деза ду, сох болу пайда цІеначу детил а дукха бу.
Выбор основного перевода