Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу лаьтта тІехь Везачу Дала кхолладалийтира массо а тайпана дитташ, тІехьаьжча хаза а, тамехь а долуш, царна тІера стоьмаш даа пайден а долуш. Бешана юккъехь дара дахаран дитт а, дика а, вон а довзуьйту дитт а. Везачу Дала элира: «ХІинца адам а Вайх цхьаъ хили, дика а, вон а девзаш. ХІинца, шайн куьйгаш а кховдийна, дахаран дитта тІера стом а баьккхина, иза биина, хедар доцучу дахаре ма кхочийла уьш». Делан лаамехь болчара кхиориг – дахаран дитт ду, хьекъалалла долчо адамийн синош тІеозадо. Дарбане мотт – дахаран дитт ду, ткъа харц луьйш болчу матто адаман дог дохадо. Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тІера стом баа’“». Иза гІалин коьртачу урамна юккъехула чекхдолура. Оцу чекхдолучу хин шинна а агІор лаьтташ дара дахаран дитташ. Цара цхьана шарахь шуьйттазза стом ло – хІора баттахь цкъа а луш. Ткъа дитташ тІера гІаш халкъашна дарбана делла.
Выбор основного перевода