Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мила вер ву Везачу Элан лам тІе, я мила дІахІуттур ву Цуьнан дезачу цІа чохь? Шегара зулам цадолуьйтург, дог цІена дерг, шен са зуламехьа цахьажориг, Делан цІарах харц дуйнаш ца бууш верг вер ву. ТІаккха хьайн некъа тІехула кхерам боцуш дІагІур ву хьо, хьан ког а тасалур бац. Шен цабезам иза Іехорца дІалечкъош велахь а, цуьнан мекарло массарна а гучуер ю. Нийсачу некъа лела стаг баланех кІелхьарвоккхур ву, ткъа хаа а хууш харцнекъа тІе ваьлларг цІеххьана вужур ву. Нийсонца а лелаш, бакъдерг дуьйцург а, харцо а лелийна, стагера хІума ца йоккхург а, кхаъ эцарх шен куьг лардийриг а, адам ден барт беш ца хазийта лергаш дІакъовлуш верг а, зулам деш ца гайта бІаьргаш дІакъовлуш верг а ву – иштта волу стаг лакхенашкахь Іаш хир ву, иза къайлаваьлла меттиг лаьмнийн гІап хир ю. Цунна бепиг а латтор ду, хих а хедар вац иза. Иштта дика гІуллакхаш а схьагуш хуьлу, ткъа уьш, гуш дацахь а, къайлаха а ца дуьсу.
Выбор основного перевода