Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къематечу маьхьарийн аз хуьлу цуьнан лерехь хезаш. Машар лаьттачу хенахь талорхой цунна тІелета. qac Чqac*ІогІа ларам Шега болчеран лаам Цо кхочушбо, церан мохь а хезий, уьш кІелхьарбоху. шуна тІе, йочана санна, даккхий зенаш даьхкича, шайтІанан мох санна, шуна вон тІедеача, шу гІайгІане, сингаттаме хилла, дІахІиттича. Со а хир ву цаьрца шога. Уьш кхоьруш дерг доуьйтур ду Ас царна тІе, хІунда аьлча Со кхайкхира, амма жоп луш стаг вацара, Ас къамел дира, амма цхьаммо а ла ца дуьйгІира. Цара Суна хьалха зуламениг дора, Суна цадезарг а хоржура». Декъалбина бу бакъоне кхача хьагбелларш – Дала церан лаам кхочушбийр бу. Иза бахьана долуш Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн. Нагахь вай Цуьнан лаамехь долу цхьа хІума Цуьнга дехахь, Цунна вай бохург дІахезар ду. Вай деххнарг хІуъа а Цунна дІахезаш хилар хууш хилча, вайна хаьа, доьхуш дерг вайн долуш дуйла.
Выбор основного перевода