Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло массо а хІуманна тІехь декъалвина ву сан эла, цундела иза хьалдолу стаг а хилла дІахІоьттина. Везачу Эло ИбрахІимна дуккха а жа а, бежанаш а, деши а, дети а, ялхой а, гІарбашаш а, эмкалш а, варраш а елла. Амма аша шайн дегнаш чохь латтавелаш шайн Веза Дела, хІунда аьлча шун хьал хилийта шуна ницкъ луш верг Иза ву. Иза иштта лела, ваІда а дина, шун дайшца Ша бина барт, таханлерчу денна ма-барра, чІагІбархьама. ХІунда аьлча Везачу Эло декъалбинчарна тІаьхьалонна латта кхочур ду, ткъа Цо неІалт кхайкхийнарш дІалелхор бу. Эрна ду шун хьалххе хьалагІовттар а, хан яллалц Іар а, хьацарца даьккхина бепиг даар а. И дерриг а Везачу Эло Шена везачунна ло, иза вижина Іуьллушехь. Хьекъал доцург шен сонта леларх воккхавеш хуьлу, ткъа хьекъал дерг нийсачу новкъахула лела.
Выбор основного перевода