Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кест-кеста моха еана йолу ча санна бу те уьш, я йилбазмохо дІахьош йолу кегаш санна бу те? Иза дан бакъо ю, шен дети совдаккхархьама, иза духалург луш воцучун а, бехке воцучух кхаьънаш схьаоьцуш воцучун а. Цу тайпана лелаш верг даима а лаьттар ву. Амма со тІехваьлча, иза ван а вацара. Аса и лоьху, ткъа суна кара а ца во иза. Ешна кІел йогучу коьллех цІе латале, ховха я екъа уьш елахь, йилбазмохо дІасаяржийна коьллаш санна уьш хуьлийла. Іесачу нахана тІе бохам беанчул тІаьхьа уьш кхин бац, амма дикачу нехан цІа чІогІа лаьттар ду. Іеса стаг цо дина вонаш бахьана долуш дІатоттур ву, ткъа дикачу стеган, шена Іожалла тІехІоьттича а, догдохийла ю. «Цундела Соьга ла а дугІуш, Аса аьлларг деш верг шен шахьар буточу тархана тІехь юттучу стагах тера ву. ДогІа а тІедоьттина, хиш а дистина деана, чІогІа мох а хьаькхна, амма цуо дина долчу цІенна хІумма а ца хилла, хІунда аьлча цу цІийнан бух буточу тархана тІехь боьттина бу. ХІинца Аса бохучуьнга ладугІуш воцург шен цІийнан бух гІамаршна тІехь боьттинчух тера ву. ДогІа а деача, хиш дистина а деача, мох а хьаькхча, цуьнан цІа тІе а кхетта, доьхна дІадаьлла, схьаэца хІума а доцуш». Аса боху хьоьга: хьо, тІулг санна волу, Кипа ву. Цу тІулга тІехь Аса Сайх тешначийн тоба кхуллур ю. Жоьжахатин цІеран а иза йохо ницкъ хир бац.
Выбор основного перевода