Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дикачу стага суна таІзар дойла – иза безам хиларца ду. Цо со нисвойла – сан коьртана долу даьтта иза ду. Сан корта цунах дІа ма къаьхкийла! Ткъа сан доІанаш гуттар а Іесачеран зуламна дуьхьал ду. Шен бага сацо хууш волчо шен са лардо, ткъа, ойла а ца еш, луьйш волчу стагана тІе зулам догІур ду. «Цундела Соьга ла а дугІуш, Аса аьлларг деш верг шен шахьар буточу тархана тІехь юттучу стагах тера ву. ДогІа а тІедоьттина, хиш а дистина деана, чІогІа мох а хьаькхна, амма цуо дина долчу цІенна хІумма а ца хилла, хІунда аьлча цу цІийнан бух буточу тархана тІехь боьттина бу. Амма лакхара долу хьекъалалла, цкъа-делахь, цІена ду, цул тІаьхьа, машаре а, оьзда а, къинхетамах а, дикачу стоьмех а дуьзна а, озабезам боцуш а, шалхо йоцуш а ду.
Выбор основного перевода