Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьекъал долчо ша олуш долу дош лардо, кхетам берг сиха оьгІаз а ца воьду. Нагахь айхьа Далла ваІда динехь, иза кхочушдар дІа ма татта. Далла хаза ца хета сонтачу стага и ваІда кхочушцадар, цундела ваІда кхочушде! Сонтачу стага саццаза къамел дахь а, цхьанна а ца хаьа хиндерг хІун ду. Иштта хьенан таро ю шел тІаьхьа хиндерг хІун ду ала? Амма Аса боху шуьга: къематан дийнахь хІора шаьш ойла а ца еш аьллачу дашна жоп дала дезар ду массеран а. ХІунда аьлча хьайн дешнашка хьаьжжина хьо я бехказавоккхур ву, я хьуна кхел йийр ю». Сан хьомсара вежарий, муьлхха а стаг ладогІарна сихвала веза, ткъа шен хабарна а, оьгІазаллина а собаре хила веза, хІунда аьлча вай массара а къинош дукха летадо. Дашаца цкъа а къа ца латош верг кхачаме стаг ву, цуьнга шен дерриг дегІан дола дало.
Выбор основного перевода