Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан сутаралла бух боцуш яра, цуьнан лаамийн доза а дацара. Уьш шайн бахамах тешна Іаш а бу, шайн доккхачу хьолах дозалла деш а бу! Бекхам бечу дийнахь хьоло гІо дийр дац, амма нийсоно Іожаллех кІелхьарвоккхур ву. Бакъахьа лелаш верг шен нийсоно кІелхьарвоккхур ву, амма мекарниг шен Іесачу лаамо дІалоцур ву. Цара шайн дети аракхуссур ду, шайн деших дегаза хІума хир ю царна. Везачу Элан дераллин дийнахь кІезиг гІо хир ду царна шайн деших а, детих а. Оцу хІуманашка церан мацалла а дІаяккхалур яц, церан геш а дузалур дац, хІунда аьлча уьш бахьана долуш цара къинош летийна. ТІаккха айса-сайга ала мегар ду: хьан хьал дуккха а шерашна тоьар долуш ду, са а даІа, даа а даа, мала а мала, самукъа а даккха“. Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ – аьлла.
Выбор основного перевода