Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен дахар чаккхенга дерзале, иза дакъаделла, цкъа а сенделла дІагІур доцу га санна, хир ву. Хилаза йолу кемсаш охьаоьгу кемсийн таьлланг санна, хир ву иза, я шен заза дожош долу зайт-дитт санна, хир ву. Амма Ахьа, Дела, уьш кІоргачу эхарта чу туьйсур бу. Адамийн цІий Іеночара а, мекарлонаш лелочара а шайна дуьнен чохь яккха еллачу хенан аххан а йоккхур яц. Ткъа со Хьох тешна Іаш хир ву. хІунда аьлча цара хьан дахаран денош дахдийр ду, дахарехь хьуна беркат а лур ду. Хьекъалалла долчу соьгахула хьан оьмар а яхлур ю, хьан дахаран шераш а совдевр ду. Хьо тІех зуламе а ма хила, хьекъал доцуш а ма хила – хьайна Дала еллачу хенал хьалха хьо дІа хІунда кхолхуьйту ахь?
Выбор основного перевода