Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
ЦІенна чухула долчу пенашна тІе лаьттара дуьйна тхов тІе кхаччалц баганан диттийн аннаш туьйхира, ткъа цІенкъа зоьзан диттийн аннаш туьйхира. ЦІийнан тІехьа агІор, йистера ткъа дол барамехь дІахилош, оганаш а хІиттийна, чоь йира, цуьнан пенех а, тхевнах а баганан диттийн ханнаш туьйхира. Иза уггар еза чоь яра. Оцу чоьнна хьалха агІор йолу чоь яхалла шовзткъа дол яра. Чухула агІор пенах тоьхначу аннашна тІехь гІабакхийн а, дІаделладеллачу зезагийн а куьцехь суьрташ дара дечигна тІехь аьгна дина. Массо а агІор баганан ханнаш тоьхнера, ткъа тІулг гуш а бацара. Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ чудиллархьама, йинера и уггар еза чухулара чоь. И уггар еза чухулара чоь яхалла а, шоралла а, лакхалла а ткъа дол яра. И чоь ерриг а цІеначу деших йира. Баганан ханнех бинчу сагІа доккхучу кхерчана а деши диллира.
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Выбор основного перевода