Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Ребикхин Лабан цІе йолуш ваша вара. ЙоьІан дешнаш а хезна, цуьнан карахь чІуг а, ши хІоз а гина, араиккхина, шовда долчу дІахьаьдира иза. И стаг шен эмкалшна уллохь гІу йолчохь лаьтташ вара. Ребикхин Лабан цІе йолуш ваша вара. ЙоьІан дешнаш а хезна, цуьнан карахь чІуг а, ши хІоз а гина, араиккхина, шовда долчу дІахьаьдира иза. И стаг шен эмкалшна уллохь гІу йолчохь лаьтташ вара. Лабана элира: «Марша вогІийла тхо долчу, Везачу Эло декъалвинарг! Хьо хІунда лаьтта кхузахь, арахь? Ас хьуна чоь а, хьан эмкалшна меттиг а кечйина». ИбрахІиман ялхо цІа чу велира. Лабана гІо дира цунна эмкалш дІаІалашъеш, царна ча а, баа хІоъ а белира. Ялхочунна а, цуьнца болчу нахана а когаш била хи а делира цо. Цул тІаьхьа Лабана царна яа хІума елира, амма ялхочо ца йиира: «Ас юур яц айса деанарг дІадийццалц», – аьлла. «Дийцахьа», – элира Лабана. «Со ИбрахІиман ялхо ву, – элира ялхочо. – Везачу Эло массо а хІуманна тІехь декъалвина ву сан эла, цундела иза хьалдолу стаг а хилла дІахІоьттина. Везачу Эло ИбрахІимна дуккха а жа а, бежанаш а, деши а, дети а, ялхой а, гІарбашаш а, эмкалш а, варраш а елла. Сан элан зудчо Сарата, ханна йоккха йоллушехь, кІант вира. Шен долахь мел дерг оцу кІантана дІаделла сан эло. Цо соьга чІагІо яйтира: „Сан кІанте канаІанхо ма ялаяйталахь. Суна ца лаьа цо канаІанхочун йоІ яло, вай царна юккъехь Іаш делахь а. ЧІагІо е суна, сан ден махка, сан доьзална тІе а вахана, сан кІантана айхьа зуда хоржур ю алий“. Ас элира цуьнга: „Цу зудчунна соьца схьаян ца лаа а мега“, – аьлла. Амма эло соьга элира: „Со Шена хьалха лелачу Везачу Эло Шен малик доуьйтур ду хьан аьтто бан, тІаккха сан кІантана сан ден гергарчу нахана юкъара зуда карор ю хьуна. Сан ден гергара нах болчу хьо веача, сан кІантана зуда яла уьш реза ца хилахь, айхьа йинчу чІагІонах паргІат а хир ву хьо“. Тахана цу шовданна тІе а веана, ас элира: „Веза Эла, сан элан ИбрахІиман Дела, ас арабаьккхина некъ кхочушхилийтахьара Ахь. Со, шовданна улло а хІоьттина, лаьттар ву. Хи дан йоІ еача, ас эр ду: ‘Соьга хьайн кхаби чуьра хи малийтахьа’, – аьлла. Соьга: ‘Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи’, – аьлла, жоп делла йоІ Везачу Эло сан элан кІантана хаьржина зуда хилийталахь“. Со доІа дина валале шовданна тІе хи дан еара Ребикха. Цуьнан белша тІехь кхаба яра. Цо, шовда долчу чу а йоьссина, хи схьаийцира. Ас цуьнга хи дийхира. Сиха, кхаба охьа а яьккхина, цо суна хи делира, юха элира: „Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи“. Ас хи мелира, цо сан эмкалшна а малийра хи. Ас цуьнга хаьттира: „Хьо хьенан ю?“ Цо жоп делира: „Малкас Нахьирна винчу Бетаалан йоІ ю со“. ТІаккха ас цунна мерах чІуг а оьллира, пхьаьрсаш тІе ши хІоз а боьллира. Юха, корта охьа а таІийна, Везачу Элана, сайн элан ИбрахІиман Далла, хастам бира ас. Цо нийсачу новкъа кхуза схьавалийна со, сан элан вешин кІентан йоІ сан элан кІантана ялорхьама. Ткъа хІинца алийша соьга, сан элах къинхетам а бина, цуьнца нийсо а лелийна, шайн йоІ схьаяла реза хир дуй шу? Алийша, суна дан дезарг хаийтархьама». ТІаккха Лабана а, Бетаала а элира: «Тхуна го и гІуллакх Везачу Элера хилар, цундела оха хІун эр ду цунна дуьхьал? ХІара Ребикха ю хьуна, иза, схьа а эций, дІайига. Хьан элан кІанте маре гІор иза, Везачу Элана лууш ма-хиллара». И дешнаш хезча, ИбрахІиман ялхо лаьтта охьакхаччалц Везачу Элана охьатаьІира. Цо Ребикхина ша деана совгІаташ: хаза духарш, дашо а, дато а хІуманаш дІаелира. Иштта цуьнан нанна а, вешина а совгІаташ делира. Цул тІаьхьа ялхо а, цуьнца болу нах а дууш а, молуш а Іийна, цигахь буьйса йоккхуш севцира. ШолгІачу дийнахь Іуьйранна хьалххе хьала а гІевттина, цара элира: «ХІинца тхайн эла волчу дІадаха деза тхо». Ребикхин нанас а, вашас а элира: «Ребикха иттех дийнахь тхоьца йита, тІаккха дІагІор шу». Амма ялхочо элира: «Со сеца ма вейша. Везачу Элана сан некъ кхочушхила лиъна, сайн эла волчу дІавахийтийша со». Цара элира: «Ребикхе схьа а кхайкхина, цунна хІун лаьа хоттур вай». Ребикхе, схьа а кхайкхина, хаьттира цара: «Хьуна хІокху стагаца хІинцца дІаяха лаьий?» «ХІаъ, лаьа», – аьлла, жоп делира цо. Цара ИбрахІиман ялхочуьнца а, цуьнан нахаца а дІаяха пурба делира шайн йишина Ребикхина. Цуьнца цхьаьна иза кхаьбна йолу ялхо а яхара. Ребикха дІайоьдуш цуьнга элира: «Тхан йиша, эзарнаш а, эзарнаш а адамаш схьадовлийла хьох, хьан тІаьхьенаша шайн мостагІийн гІаланаш схьайохийла!» Ребикха а, цуьнан ялхой а, эмкалш тІе а хевшина, ИбрахІиман ялхочунна тІаьхьа дІабахара. Ребикха схьа а эцна, юханехьа новкъавелира ялхо. Цу хенахь Беар-лахьай-рои цІе йолчу меттера дІа а вахана, НегІабехь Іаш вара Исхьакх. Цкъа сарахь, ойла а еш, волавала аравелира Исхьакх. Корта хьалаайича, цунна геннахь йогІу эмкалш гира. ДІахьаьжча, Исхьакх а гина, эмкал тІера чуиккхира Ребикха. Цо ялхочуьнга хаьттира: «Аренгахула вайна дуьхьалвогІу жима стаг мила ву?» «Иза сан элан кІант ву», – жоп делира ялхочо. Ребикхас, шен кортали схьа а эцна, юьхь къайлаяьккхира. Ялхочо дерриге а ша диначух лаьцна Исхьакхана дийцира. Исхьакха шен ненан четар кІел дІайигира Ребикха. Цунах Исхьакхан зуда хилира. Исхьакхана иза чІогІа езаелира, шен еллачу ненах болу сингаттам а байбелира цунна. Эрна арахь тІедолучу зезагна санна, Ас хьалакхиа гІо дира хьуна. Хьо, йоккха а хилла, исбаьхьа хаза хилла дІахІоьттира: хьан накхош хьалаайаделира, хьан месаш яхъелира, амма хьо, тІекхоьллина хІума йоцуш, ерзина яра.
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Выбор основного перевода