Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Берриг а Исраил-махкана тІехь Сулим-паччахьо дІахІоттийна шийтта мехкада вара. Цара сурсаташ дІакхачадора паччахьна а, цуьнан цІенна а. Царах хІораммо а шеран цхьана баттана догІу сурсаташ латто дезара. Церан цІераш иштта яра: лаьмнашкахь болчу Эпрайм-махкахь мехкада волу Бен-Хьур. Бен-Декъар вара Макхац, ШаІалбан, Байт-Шамаш, Эйлон, Байт-Хьанан цІераш йолу гІаланаш юкъайогІучу мехкан мехкада. Бен-Хьесад вара Арубат олучу а, Соха а гІаланийн а, Хьепар олучу берриг а мехкан мехкада. Бен-Абунадиб вара берриг Напат-Дор олучу мехкан мехкада. Ткъа Сулим-паччахьан йоІ ТІапат цуьнан зуда яра. Ахьлудан кІант БаІана вара ТаІнак а, МагІидда а олучу гІаланийн а, берриг Байт-Шеан цІе йолчу мехкан а (иза бара ИзраІал-гІалина лахахь йолчу ЦІартан-гІалина юххехь), Байт-Шеан-махкара дуьйна болалуш Абел-Мехьал а, ЯкхмаІам а олучу гІаланашна тІекхаччалц болчу мехкийн да. Бен-ГІебар вара ГалІадан Рамат-гІалин гонах болчу мехкийн мехкада. Оцу мехкашна юкъайогІура ГалІад-махкахь йолу Маннашан кІентан Яиран ярташ. Иштта АргІаб цІе йолу Башан-махкахь йолу меттиг а, цІестан гІораш долуш, лекха керташ йолу кхузткъа йоккха гІала а яра цу юкъайогІуш. Іиддин кІант Ахьинадаб Махьанайм цІе йолчу мехкан да вара. Наптал-махкахь мехкада вара АхьимаІац. Цо Сулим-паччахьан йоІ Басамат йигнера шена. Хьушайн кІант БаІана вара Ашар-мехкан а, БеІалт-юьртан а мехкада. Иссархан-мехкан да вара Парухьан кІант ЯхІушапти. Элан кІант ШамаІи Бен-Яман-мехкан мехкада вара. Эмархойн паччахьан Сихьонан а, Башан-мехкан паччахьан ІовгІин а хиллачу ГалІад-мехкан мехкада вара Урин кІант ГІебар. ЯхІуд-махка тІехь а цхьа мехкада хІоттийнера. Хьирам-паччахьо, шена Сулим-паччахьан и дешнаш хезча, чІогІа хаза а хетта, элира: «Баркалла ду Везачу Элана, Цо Даудана иштта хьекъал долуш кІант валарна, оцу сийлахьчу халкъана тІехь цуьнга олалла дайтархьама!» ТІаккха Хьирам-паччахьо ялхой бахийтира Сулим-паччахье дІаала: «Аса ладуьйгІира ахьа дечу дехаре. И хьан диттех лаьцна болу лаам ас кхочушбийр бу. Баганан дитташ а, зоьзан дитташ а доуьйтур ду ас хьуна. Ахьа Мисар-махкара кемсийн таьлланг схьаеара, халкъаш дІа а лаьхкина, и таьлланг дІаюьйгІира Ахьа. Цуьнан дуьхьа меттиг дІацІанйина Ахьа, ткъа цо шен орамаш охьадахийтира, иштта латта хьаладуьзира. Лаьмнаш цуьнан ІиндагІо дІахьулдира, цуьнан гаьннаша сийлахь баганан-дитташ кхелира. Цу таьлланго шен гаьннаш Дуьненаюккъерачу хІордана тІе кхаччалц дІадахийтина, иштта шен синтарш а Эпрат-хина тІе кхаччалц дІадахийтина. ХІунда яьккхина Ахьа цу кемсийн бешана гонахара керт дІа? ХІинца цигахула тІех мел волучо а цуьнан стоьмаш схьадоху. Неларчаша а йохайо иза, аренгарчу акхароша а иза йоу. Массо а ницкъийн Дела! Схьаверзахьа! Стигалара схьахьажахьа, тидам бехьа! ХІокху кемсийн бешан гІайгІа бехьа! Хьайн аьтто куьйго дІадийначун гІайгІа бехьа, Ахьа Хьайн дуьхьа чІагІдина долу синтаран а гІайгІа бехьа. МостагІаша иза, каг а дина, цІарца дагийна. ОьгІазечу юьхьца цаьрга хьажахьа, уьш хІаллакбехьа. ТІаккха со даккхий гІуллакхаш дан волавелира. Аса сайна гІишлош а йира, кемсаш а дІаюьйгІира, Сан дагна везнарг, алахьа соьга: мичахь дажадо ахь хьайн даьхни? Мичахь садоІу ахь делкъахенахь? Хьан накъостийн жашна уллохь хьо, юьхь къайла а яьккхина, хІунда лоьхура ас? Хьуьнан дитташ юкъахь Іожан дитт санна, кхиъначу кІенташна юкъахь ву сан везарг. Цу Іожан ІиндагІехь хиъна Іаш хазахета суна, цуьнан стоьмаш сов мерза ду ас дууш. Хьажал! Сулим ву шен паччахьан гІантахь вахьаш, кхузткъа тІемало ву цунна гонах, Исраилан мехкан тоьлла тІемалой. Сайн Хьомсарчунна илли эр ду аса, Хьомсарчун кемсийн бешах долу илли. Сан Хьомсарчун кемсийн беш яра хьийкъинчу лам тІехь. Бешара латта а аьхкина, тІулгаш дІа а даьхна, тоьлла йолу кемсийн таьллангаш юьйгІира Цо цига. Цул тІаьхьа беша юккъехь бІов а йира, муттдоккхург ян цунна чохь ор а даьккхира. Бешо дика кемсаш яларе хьоьжуш Іийра Иза, амма цо муьста кемсаш бен ца елира. Ткъа хІинца оцу кемсийн бешан Олахочо боху: «Ярушалайман бахархой а, ЯхІуд-мехкан адамаш а, Суна а, Сан кемсийн бешана а юкъахь долу гІуллакх къастадейша. Айса динчул сов Аса Сайн кемсийн бешана дан дисинарг кхин хІун дара? Со дикачу кемсашка сатуьйсуш Іаш хилча, муьста кемсаш хІунда елла цо? Аса эр ду шуьга Сайн кемсийн бешана Айса ден дерг: цуьнан коканийн керт дІайоккхур ю Аса, тІаккха беш бежанаша яссор ю. Цуьнан пенаш дохор ду аса, тІаккха иза массара а хьоьшур ю. Бешах дассийна латта дийр ду Аса, гаьннаш а хедор дац, охкур а яц, тІаккха цу тІехь коканан а, эртхан а коьллаш евр ю. Мархашна омра дийр ду Аса, беша тІе догІа ма даийта аьлла». Берриге а ницкъийн Везачу Элан кемсийн беш – иза Исраилан халкъ ду, ЯхІудан халкъан адамаш Цунна хазахетта йолу таьллангаш ю. Иза нийсо хиларе хьийжира, амма ницкъ бар хилира, бакъдолчуьнга хьийжира, амма бакъонаш йохор хилира. Иштта хІума а хир ду цу хенахь: эзар дато шекхал ахча мах болу эзар кемсийн таьлланг хьалайолучу меттехь коканан а, кІохцалан а коьллаш евр ю. Дуккха а болчу Іуйша Сан кемсийн беш хІаллакйина, Сан долахь дерг когашца хьийшина. Сан хьоме латта цара яьсса аре йина дІахІоттийна. И латта цара доха ма дина, хІинца иза дакъийна а, дассийна а ду. Берриг мохк а яьсса аре ю, цунна дола дан стаг а вац. Яьссачу аренгахь йолчу массо а ерзинчу лакхенашкахула мостагІий схьабаьхкина, хІуманаш хІаллакьярхьама. Везачу Элан туьро нах дІакхоллу, мехкан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Цхьа а машарехь Іаш вац. «ЛадогІалаш кхин а цхьана хьекъалечу дийцаре. Цхьана шен долахь латта долчу стага кемсаш йийна хилла. Цу бешана гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Іуналлина бІов а хІоттийна цо. Уьш лело белхалой а лаьцна, цІера ваьлла хилла иза. «Со кемсийн бакъйолу таьлланг ю, ткъа Сан Да кемсийн беш Лелорхо ву. Муьлхха а стом ца луш долу Сан га Цо дІахададо. Ткъа стом луш долу муьлхха а га цІандо, алссам стоьмаш хилийта. Ас шуна хьехначу дашехула хІинца шу цІена ду. Шу Соьца хила, ткъа Со Шуьца хир ву. Гаьнно, ша таьлланг тІехь ца хилча, ша-шегара стом ца кхиоре терра, иштта шу а хир ду, шу Соьца ца хилча. Со кемсийн таьлланг ю, ткъа шу гаьннаш ду. Муьлххачо а ша Соьца волчо а, Со шеца волчо а шортта стоьмаш кхиор бу. Со воцуш шуьга хІумма а далур дац. Милла а Соьца воцург кхоьссина дІа а вохуьйту, и га санна, иза вакъа а ло. ТІаккха и гаьннаш, гулдина, цІерга кхуьссу. Уьш цІергахь догу.
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Выбор основного перевода