ДІакъевлина беш ю сан йиша, сан нускал. ДІакъевлина гІу а, дІахьулдина хьоста а ду хьо.
Тирца-гІала санна, исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг, Ярушалайм санна, безаме ю, байракхашца долу эскар санна, инзаре ю.
Мила ю иза, цІийялар санна, лепаш ерг, бутт санна, исбаьхьа ерг, малх санна, къегина ерг, байракхашца долу эскар санна, инзаре ерг?