Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Цхьана Везачу Элана бен, кхечу далла ахь Іибадат дан мегар дац, хІунда аьлча Эмгаралла Ерг цІе йолуш волу Веза Эла – эмгаралла йолу Дела ву. ХІунда аьлча шун Веза Дела – Иза массо а хІума ягийна дІайоккхур йолу цІе ю, Иза эмгаралла йолу Дела ву. Тахана Ас весет деш долу хІара дешнаш хьайн даг чохь латтаделахь. Шайн берашна хьеха уьш, исраилхой, дийца царах лаьцна шайн цІенош чохь хевшина Іаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дІадуьйшуш а, хьалагІовттуш а. Шайн куьйгаш тІе дІадехка уьш билгалонна, шайн хьаьжнашна тІе а дІадехка уьш хьехорна. хІунда аьлча шуна юкъахь хуьлуш волу Веза Дела эмгаралла йолу Дела ву. Шу кхечу деланашна тІедерзахь, Иза, латийна цІе санна, дарлур а ву, Цо дуьнен тІера дІадохур а ду шу. Цундела хІара сан дешнаш шайн дегнаш чу а, синош чу а дІадахка, дІаяздина долу и дешнаш шайн куьйгаш а, хьаьжнаш а тІе дІадехка, уьш дагадаийтархьама. Шайн сагІа доккхучу гунашца Иза оьгІазъоьхуьйтура, шайн цІушца Цуьнан эмгаралла меттахйохура. Безам а, тешаме хилар а хьох цкъа а дІа ма доьрзийла. Хьайн логах уьш дІа а хьарчаде, хьайн даг тІехь уьш дІа а язде. Нахаца лелаш йолчу зудчун майра дарлур ву, бекхам бечу дийнахь цо шен мостагІчух къинхетам бийр бац. Цхьа а гІуда цо дІаоьцур дац. Шена ло совгІат мел доккха делахь а, иза товр дац цунна. Хьажал, Ас хьан цІе Сайн куьйгийн кераюккъехь дІаязйина. Хьан пенаш гуттара а Сан бІаьргашна хьалха ду. «Дийна волчу Сох чІагІо йо Аса, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Якхаман кІант ЯхІу-Яхин, хьо Сан аьтту куьйган пІелгара мухІар хилча а, Аса хьо цу тІера схьа а ваьккхина, Оцу дийнахь, – боху Везачу Эло, – хьо, Сан ялхо, Шалтаалан кІант Зурбабел, Ас, схьа а эцна, Сан пІелга тІехь долу мухІар санна латтор ву, хІунда аьлча хьо Ас къастийна ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло“». ДІакъастадалур дуй те вай цхьаьнгге а Дала леррина Къобалвинчун безамах? Дац! Халоно, балано, вай лаьхкина леларо, мацалло, къоьлло, кхерамо я Іожалло дохур дуй те вай Цуьнан безамах? Дац! Нагахь санна вай баланаш ловш делахь, Цуьнца цхьаьна паччахьалла деш а хир ду вай. Нагахь санна вай Цунах дІакъастахь, тІаккха Иза а вайх дІакъаьстар ву.
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Выбор основного перевода