Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Хьекъалалло, шена цІа а дина, ворхІ бІогІам а хьаькхна, уьш дІахІиттийра. Дийнатна урс а хьаькхна, чагІар а доьттина, цо пхьор охьахІоттийра. ГІалин уггар лекхачу меттера мохь туххуш дІаалийта шен ялхой бахийтира цо: «Бодане верг кхуза схьавола!» Хьекъалх эшна болчаьрга а боху цо: «Схьадуьйла, даа сан бепиг, мала ас даьккхина долу чагІар. Дита шайн бодане лелар, тІаккха шу дехар ду. Кхетамечу новкъахула лела дуьйлало». Амма со царна уллора дІа-ма-елли, сайн дагна везнарг карийра суна. Иза, схьа а лаьцна, сайн ненан цІа чу, со йинчу чоьнаш чу кхаччалц, дІа ца хийцира ас. Иштта боху Везачу Эло, хьо КІелхьардоккхучо а, Исраилан халкъан Везачу Дала а: «Со Веза Эла ву, хьан Дела, хьуна пайденна дерг Іамош волу, хьо ваха везачу новкъа дІавуьгуш волу. Везачу Эло Іамор бу хьан берриг а кІентий, церан машар а, беркат а доккха хир ду. ХІинца тидам бе, Суна тІедуьйла! ЛадогІа Соьга, шайн синош дахийтархьама! Ас гуттар а хин болу барт бийр бу шуьца, Даудана лур ду аьлла долу тешаме диканаш лур ду шуна. ХІара денош дІадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тІаьхьенца, – боху Везачу Эло. – Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тІехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Іамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». Пайхамарийн цхьана тептар тІехь яздина ма-ду: „Берриш а Дала Іамор бу“, – аьлла. ХІора, Дас бохург а хезна, цунах кхетта верг вогІу Суна тІе.
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Выбор основного перевода