Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
qac Иqac*штта, Хьуна хьалха ларамах мел буьзначеран а, Хьан омранаш лардеш болчеран а доттагІа ву со. Хьуна хІунда ца хаьа и меттиг, зударшна юкъахь уггар исбаьхьаниг? УьстагІийн лорах дІа а гІой, жаІуйн четарш уллохь хьайн буьхьигаш яжае. Ломан чІожана чохь болу сан кхокха, тархашна юкъахь хьулъелла йолу хьо, гайтахьа суна хьайн юьхь, хьайн аз хазийтахьа суна, хІунда аьлча хаза ду хьан аз, юьхь а ю хьан исбаьхьа. Сайн беша веара со, сан йиша, сан нускал. Сайн хазачу хьожанашца сайн деза даьтта гулдира ас, сайн мазаца долу сайн алхаш диира ас, сайн шуьраца сайн чагІар мелира ас. Яалаш, доттагІий, малалаш, дуззалц малалаш, безам баханарш! Нускал а далийначун долахь хуьлу, ткъа зудаялийначун доттагІа а хуьлу зудаялийначунна уллохь Іаш, цунна хьалхара гІуллакх а деш. Хазахетарх вуьзна хуьлу иза, зуда ялийна волу шен доттагІа чувогІуш, цуьнан аз хезча. И сан хазахетар хІинца кхочушхилла.
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Выбор основного перевода