Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
(ЦІаданхоша Хьермонах Сириюн олу, ткъа эмархоша Санир олу.) Маннашан ахтайпанан тІаьхье ехаш яра Башан-махкара дуьйна БаІал-Хьермонна а, Санирна а, Хьермон-лаьмнашна а тІекхаччалц болчу махкахь. Уьш чІогІа дукха бара. Хьайн корта хьала а айий, гонах дІасахьажа. Берриг а хьан кІентий, гул а белла, хьо йолчу цІа боьрзуш бу! Дийна волчу Сох чІагІо йо Ас, – боху Везачу Эло, – зудчун туьтеш санна, цаьрца массаьрца а хазлур ю хьо, нускалан хаза духар санна, уьш хир бу хьуна. Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кІелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тІе, Цо нийсонан оба суна тІе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тІе тиллича санна а, нускало жовхІаршца ша хазъян санна а.
Выбор основного перевода