Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Сайн беша веара со, сан йиша, сан нускал. Сайн хазачу хьожанашца сайн деза даьтта гулдира ас, сайн мазаца долу сайн алхаш диира ас, сайн шуьраца сайн чагІар мелира ас. Яалаш, доттагІий, малалаш, дуззалц малалаш, безам баханарш! Сан везарг шен беша воьссина, мерзачу бецийн хаьснаш долчу, бошмашкахь жа дажо а, петІамат-зезагаш лахьо а. Ша веача, Цо гучудоккхур ду дуьненна цуьнан къинойх а, бакъонцалеларх а, кхелах а лаьцна йолчу агІор дуьне тиладалар. ЦІеххьана, чІогІа хьаькхначу махах тера а йолуш, стигалара цхьа гІовгІа хезира. Цо уьш чохь болу дерриг а цІа дуьзира. Іуьйранна хьалххе кемсийн беша гІур ду вайша, кемсийн таьлланг хецаеллий а, патарш делладеллий а, нараша заза даьккхиний а хьожур ду вайша. Цигахь ас сайн безам лур бу хьуна. Безаман зезагаша шайн хаза хьожа хецна, вайн неІарехь массо а тайпа тоьлла стоьмаш бу, керланаш а, ширанаш а – уьш ас хьуна Іалашбина, сан хьомениг. Закай волчу метте тІевеана, хьала а хьаьжна, Іийсас элира: «Закай, сихха чувосса! Хьо волчохь саца веза Со тахана».
Выбор основного перевода