Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Меттамотт болчуьра дІа а бахана, НегІаб цІе йолчу яьссачу аренгахула чекх а бевлла, Хьеврон-гІала кхечира уьш. Цигахь бехаш бара Іаьнакхан тІаьхьенах йолу Ахьиманан, Шешайн, Талмайн гаранаш. Ткъа Хьеврон-гІала яра Мисар-махкарчу ЦоІан-гІаланал ворхІ шо хьалха дІахІоттийна. Оцу лаьтта тІехь кІа а, мукх а, кемсийн таьллангаш а, инжирийн а, нарийн а дитташ а, зайт-дитташ а, моз а ду. бошмаш дІайогІа меттигаш а тойира, тІаккха цигахь тайп-тайпана стоьмаш луш долу дитташ а дІадуьйгІира. Ма исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг, ма исбаьхьа ю! Кхокха санна, эсала а, хаза а бу хьан бІаьргаш! Къилбаседера гІатта, мох, къилбера схьахьакха, сан беша тІе берза, тІаккха цуьнан хаза хьожанаш схьахецалур ю. Шен беша вогІийла сан везарг, цуьнан мерза стоьмаш буийла цо. БІарийн беша чувоьссира со тогІи чуьра соьналле бІаьрг тоха, кемсийн таьлланг хецаеллий а, нараша заза даьккхиний а хьажа. Схьавола, сан хьомениг, аренга гІур ду вайшиъ, ярташкахь буьйсанаш йохур ю вайшимма. Якъаелла кемсийн таьлланг, инжиран дитт а маргІалдоьлла. Наран дитт а, хурмин дитт а, Іожан дитт а – дерриге а дитташ дакъаделла аренгахь. Цундела массо а адамийн сакъерадалар а дІадаьлла. Дуй те хІинца а ялтийн чоьнаш чохь хІу? Я кемсийн таьлланго, я инжир-дитто, я нар-дитто, я зайт-дитто хІинца а стом ца беллера. Таханлерчу дийнахь дуьйна Ас шу декъалдийр ду».
Выбор основного перевода