Сан везарг сан ву, ткъа со цуьнан ю. Цо шен жа петІаматаш юккъехь дажадо.
Хьан цІонга горга кад бу, шена чуьра мерза чагІар ца хеда. Хьан гІодаюкъ кІен барз бу, гонах петІамат-зезагаш долу.
Хьан ши накха – ши буьхьиг а, акхачу газано шала йина ши кІорни а санна бу.