Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Якъуба, тІе а веана, барт баьккхира дена. Іесаван бедарийн хьожа а кхетта, Исхьакха декъалвира иза: «Везачу Эло декъалйинчу аренийн хьожа санна ю сан кІантах йогІу хьожа. Нахаца лелаш йолчу зудчун багара долу дешнаш мазал мерза а хуьлу, цо бохуш дерг даьттанал кІеда а хуьлу, Тамехь долу къамел алхашна чуьра моз санна ду, иза стеган дагна мерза ду, ткъа цуьнан даьІахкашна дарбане а ду. Сан кІант, моз даа, хІунда аьлча иза дика ду. Алхашна чуьра моз мерза ду хьан маттана. ГІаттахьа Цийон, гІаттахьа! Ницкъ хьайна тІебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гІала, хьайн исбаьхьа бедарш тІеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогІур вац хьуна чу. Исраилан халкъана тхи хилла дІахІуттур ву Со. Цо заза доккхур ду, петІамат-зезаго санна. Ливанунан дитто санна, шен орамаш тосур ду цо. Шу, лаьхьанийн тІаьхье! Шун багара муха дер ду диканиг, шу шаьш зене нах хилча? Стеган даг чохь дерг матта тІехь ма хуьлу. Дакхош долу бераш шуьрех санна, синан кхача болчу цІеначу дашах хьага, цуьнан гІоьнца шу даккхий а хилла, шун кІелхьардовлар чекхдалархьама,
Выбор основного перевода