Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Иза ведира, шен долахь дерг схьа а эцна. Эпрат-хил дехьа а ваьлла, ГалІад-лам болчухьа дІавахара иза. Шеца гергара нах а эцна, Якъубана тІаьхьавелира иза. ВорхІ де даьлча, ГалІад-лома тІехь иза цунна тІекхечира. Лабан Якъубана тІаьхьакхиира. ГалІад-ломахь шен четарш дІахІиттийнера Якъуба, Лабан а сецира цигахь шен гергарчу нахаца. Ма исбаьхьа ву хьо, сан везарг, ма безаме ву! Соьналлех бина бу вайн мотт. Цуьнан бІаьргаш хина йистехь Іаш долчу кхокханех тера бу. Шури чохь луьйчуш ду и кхокхий, хин Іаьмнашна уллохь Іаш ду уьш. Со сайн везарган ю, ткъа иза сан ву. Иза петІаматаш юкъахь жа дажош ву. Тирца-гІала санна, исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг, Ярушалайм санна, безаме ю, байракхашца долу эскар санна, инзаре ю. ДІахьажабе суна тІера хьайн бІаьргаш, цара дог тохадолуьйту сан. ГалІадан гунаш тІера чуюьссучу гезарех тера ю хьан месаш. Кирхьанна тІехьа хьан беснеш наран аьхкаш санна хаза ю. Ма исбаьхьа, ма безаме ю хьо, сан хьомениг, сел тамехь хиларца!
Выбор основного перевода