Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Дерриг а жаш гулделча, Іуша тІулг дІа а карчабой, уьстагІашна хи маладора. Юха и тІулг ша хиллачу метте буьллура. Хьайн гІу чуьра мала хи – хьайн хьостана чуьра арадолуш долу хи. Хьан хьостанийн хи урамнекъашкахула дІасадаржа деза те? Хьан хиш майданашкахула дІасадаржа деза те? И хи хьайн долахь хилийта, кхечун долахь а ца хуьлуьйтуш. Декъала хуьлийла хьан хин хьоста. Хьо жима волчу хенахь айхьа ялийначу зудчуьнца зовкх хьоьгийла ахьа. Веза Эла гуттар а хьан тхьамда хир ву. Цо, йокъа хІоьттича, хьуна оьшург латтор ду, хьан даьІахкаш чІагІйийр ю, тІаккха хьо хих Іабийна беш санна а, цкъа а хи ца кхачош долу хьоста санна а хир ву.
Выбор основного перевода