Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
ТІаккха туьйсинчу деших дина ши бІе доккха турс а дайтира Сулим-паччахьо. ХІора турсана ялх бІе шекхал туьйсина деши дахнера. Иштта кхин а кхо бІе кегий турсаш дайтира цо, хІора турсана цхьа бІе шовзткъе итт шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цІенош чу дІахІоттийра Сулим-паччахьо. ЮшаІан кІанта Эзара царна уллохь долу дакъа тодира, ткъа ша Эзар МицІпана тІехь хьаькам вара. Цо герз чохь долчу чоьнна тІера дуьйна гІалин пенан маьІигна тІе кхаччалц пен тобира. Хьан ши накха – ши буьхьиг а, акхачу газано шала йина ши кІорни а санна бу. Хьан ворта – пийлан кІомсарех йина бІов санна ю. Хьан бІаьргаш – Бат-Рабиман кевнна уллорачу Хьешбонан Іаьмнех тера бу. Хьан мара – Дамасакхана тІеерзийначу Ливанунан бІаьвнах тера бу. Ма исбаьхьа, ма безаме ю хьо, сан хьомениг, сел тамехь хиларца! Арвадин а, Хьелакан а тІемалой бара гобаьккхина хьан пенаш тІехь лаьтташ, иштта Гамадара нах а бара хьан бІаьвнашна тІехь. Цара шайн турсаш хьалаоьхкира хьан пенашна тІехь, и хІума дарца хьан хазалла кхочуш а еш. Ткъа хьо, жен бІов, Цийон-ломан йоІан чІагІо! Хьан хьалхалера олалла, хьуна юха а деана, хьоьга юхадоьрзур ду. Паччахьалла Ярушалайман йоІе доьрзур ду».
Выбор основного перевода