Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Де дохделла а далале, ІиндагІаш а дІадовдале, цІа юхаверзахьа, сан хьомениг, чІажийн лаьмнашна тІерачу масарх я къоначу сех тарлохьа. Со йижина ю, амма сан дог сема ду. Сан везарган аз ду хезаш, цо неІ етта: «ДІаелла суна неІ, сан йиша, сан хьомениг, сан къоркхокха, сан дашониг! Сан коьрта тІехь тхи ду, сан месаш тІехь буьйсанан тІуналла ю». ХІора тогІи хьалайоккхур ю, хІора лам а, гу а лахабоккхур бу. Харц некъаш нислур ду, доьхнарш шарлур ду. Машар дІакхайкхош волчу а, хаза кхаъ бахьаш волчу а, кІелхьардовлар дІакхайкхош волчу а, Цийоне: «Хьан Дала паччахьалла до!» олуш волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогІуш мел хаза ду! Цуьнан хьехамех лаьцна ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро яздина: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: „Везачу Элана некъ кечбе! Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш! Яхьъяс жоп делира ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаран дешнашца: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз ду со: „Везачу Элана хьалхара некъ нисбе“».
Выбор основного перевода