Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
qac Мqac*а кхоьруш лела деза шу Везачу Элах, Цуьнан долахь долу адамаш, хІунда аьлча Цунах кхоьруш вехачун массо а хІуманан тоам хир бу. Цо олу Везачу Эле: «Хьо сан гІап а, ха а ду, сан дегайовхо Хьайца йолу Дела а ву!» Хьох долу патарш нарийн беш ю, чохь тоьлла стоьмаш болу, йиппар а, деза нард-даьтта а ду. Мила ю иза, яьссачу арара, шен везачунна тІе а теІаш, схьайогІуш ерг? Іожан дитта кІелахь самаваьккхина ас хьо. Цигахь хьан нанас вина хьо, цигахь хьо винчо дуьнен чу ваьккхина хьо. Царах хІора а мохана дуьхьал йолу дІалечкъийла а, йочанина йина кхалор а, яьссачу арахь долу хьоста а, хьогах долчу лаьтта тІе доьжна лекхачу тархан ІиндагІ а санна хир ду. Цунна тІехь инзаре хаза гІаш а дара, алссам стоьмаш а, массарна баа кхача а бара. Цунна кІелахь аренгара дийнаташ Іара, ткъа цуьнан гаьннашна юккъехь стигалшкара олхазарша бенаш динера. Юха а бирзина, цуьнан ІиндагІехь Іийр бу уьш. КІа санна, денлур бу уьш, кемсийн таьлланг санна, хьалакхуьур бу, Ливанунан чагІаран санна, церан хьожа хир ю. Якъаелла кемсийн таьлланг, инжиран дитт а маргІалдоьлла. Наран дитт а, хурмин дитт а, Іожан дитт а – дерриге а дитташ дакъаделла аренгахь. Цундела массо а адамийн сакъерадалар а дІадаьлла. Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тІера стом баа’“». Иза гІалин коьртачу урамна юккъехула чекхдолура. Оцу чекхдолучу хин шинна а агІор лаьтташ дара дахаран дитташ. Цара цхьана шарахь шуьйттазза стом ло – хІора баттахь цкъа а луш. Ткъа дитташ тІера гІаш халкъашна дарбана делла.
Выбор основного перевода