Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Исраилан тІаьхьенах волу хІорра а стаг шен тайпанан меттамотт болчохь а, шен байракх хьалаайина йолчохь а, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, саца веза. «Исраилан халкъо шайн меттаметтанаш, къеста а деш, гуламан четарна гонах дІахІитто деза. ХІора стага шен тайпанан байракх хьалаайинчохь, шен доьзалан билгало йолчохь, меттамотт дІахІотто беза. Малхбалехьа, малх схьакхетачу агІор, ЯхІудан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дІанислур бу. ЯхІудан тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Іамминадабан кІанта Нахьшона. Цуьнан эскарехь вагарвинарг кхузткъе вейтта эзар ялх бІе тІемало ву (74600). ЯхІудан тайпанна юххехь Иссарханан тайпано шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду ЦуІаран кІанта Натунаила. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вейтта эзар виъ бІе тІемало ву (54400). ЯхІудан тайпанна юххехь Забулан тайпано а шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Хьелонан кІанта Элиаба. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вуьрхІитта эзар виъ бІе тІемало ву (57400). ЯхІудан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бІе везткъе ялх эзар виъ бІе стаг ву, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина. Уьш исраилхой дІабоьлхуш хьалхабевлла баха беза. Къилбехьа йолчу агІор Раабанан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дІанислур бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Шидауран кІанта Элицура. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ялх эзар пхи бІе тІемало ву (46500). Раабанан тайпанна юххехь ШимІин тайпано шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Цура-Шидин кІанта Шелумиала. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ткъайоьсна эзар кхо бІе тІемало ву (59300). Раабанан тайпанна юххехь Гадин тайпано а шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду РаІалан кІанта Элъясайпа. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе пхи эзар ялх бІе шовзткъе итт тІемало ву (45650). Раабанан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бІе шовзткъе цхьайтта эзар виъ бІе шовзткъе итт стаг ву, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина. Уьш, исраилхой дІабоьлхуш, шолгІачу меттехь хир бу. Цул тІаьхьа гуламан четар а, иза дІахьош долу левихойн тайпа а дІагІур ду, дуьххьарлерчу шина меттаматтана а, тІаьххьарчу шина меттаматтана а юккъехь. Шайн меттаметтанаш дІанисдина кеп ма-хиллара, дІагІур бу уьш. ХІора стаг шен-шен меттехь, шен байракх хьалаайинчохь, хир ву. Малхбузехьа йолчу агІор Эпрайман тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дІанислур бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду ІамихІудан кІанта Эли-ШамаІа. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъа эзар пхи бІе шовзткъе итт тІемало ву (40500). Эпрайман тайпанна юххехь Маннашан тайпано шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Падацуран кІанта Гамлиала. Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе шийтта эзар ши бІе тІемало ву (32200). Эпрайман тайпанна юххехь Бен-Яманан тайпано а шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду ГидІонин кІанта Авданис. Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе пхийтта эзар виъ бІе тІемало ву (35400). Эпрайман меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бІе бархІ эзар цхьа бІе тІемало ву, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина. Уьш дІабоьлхуш кхоалгІачу меттехь хир бу. Къилбаседехьа йолчу агІор Данан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дІанислур бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Іами-Шидин кІанта АхьиІазара. Цуьнан эскарехь вагарвинарг кхузткъе ши эзар ворхІ бІе тІемало ву (62700). Данан тайпанна юххехь Ашаран тайпано шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Іухранан кІанта ПагІиала. Цуьнан эскарехь варгарвинарг шовзткъе цхьа эзар пхи бІе тІемало ву (41500). Данан тайпанна юххехь Напталан тайпано а шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Іайнанан кІанта АхьираІа. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе кхойтта эзар виъ бІе тІемало ву (53400). Данан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бІе шовзткъе вуьрхІитта эзар ялх бІе тІемало ву. Уьш, исраилхой дІабоьлхуш, шайн байракхашка хьаьжжина, тІаьххьарчу меттехь хир бу». Иштта, шайн доьзалшка хьаьжжина, багарбинера исраилхой. Меттаметтанашкахь болчу нехан, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, хьесап дича, уьш верриге а ялх бІе кхо эзар пхи бІе шовзткъе итт тІемало вара (603550). Везачу Эло Мусана тІедиллина ма-хиллара, Исраилан тІаьхьенах болчу нехан хьесап деш, левихой багар ца бира. Иштта Везачу Эло Мусана тІедиллинарг дерриге а кхочушдира исраилхоша. Цу тайпана, шайн байракхаш хьалаайинчохь, шайн меттаметтанашкахь дІахІуьттура уьш, ткъа иштта, хІорра а шайн тайпанашца а, доьзалшца а дІабоьлхура уьш. Хьалха ЯхІудан тІаьхьенах болчу наха айира байракх, тІеман кепехь шайн тобанаш арайовлуш. Царна тІехь куьйгалла деш Іамминадабан кІант Нахьшон вара. Иссарханан тІаьхьенах болчу нахана тІехь куьйгалла деш ЦуІаран кІант Натунаил вара. Забулан тІаьхьенах болчу нахана тІехь куьйгалла деш Хьелонан кІант Элиаб вара. Делан четар, вовшах а даьккхина, дІадахьа кечдира. Гуттар а шаьш ма-даххьара, ГІиршанан а, Мерарин а тІаьхьенех болчу наха дІадаьхьира иза. Раабанан тІаьхьенах болчу наха а, шаьш цу меттигера арадовлуш, шайн байракх айира. Царна тІехь куьйгалла деш вара Шидауран кІант Элицур. ШимІин тІаьхьенах болчу нахана тІехь куьйгалла деш вара Цура-Шидин кІант Шелумиал. Гадин тІаьхьенах болчу нахана тІехь куьйгалла деш вара ДаІуалан кІант Элъясайп. Царал тІаьхьа КхахІатан тІаьхьенах болу нах дІабахара. Делан четарна кІел хІоттош долу дерриг а деза хІума дара цара шайца дІахьош. Уьш керла меттамотт болчу дІакхачале, четар цигахь дІахІоттийнера. Эпрайман тІаьхьено а шайн байракх хьалаайира, шаьш тІеман хьесапехь йолчу тобанашца арадовлуш. ІамихІудан кІант Эли-ШамаІ вара церан куьйгаллехь. Маннашан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш вара Падацуран кІант Гамлиал. Царал тІаьхьа богІучу Бен-Яманан тІаьхьенах болчу нахана тІехь куьйгалла деш вара ГидІонин кІант Авдани. Байракх а айина, уггаре а тІаьхьа арабевлларш Данан тІаьхьенах болу нах бара. Царна тІехь куьйгалла деш вара Іами-Шидин кІант АхьиІазар. Ахь толам баьккхича, тхуна хазахетар ду, тІаккха вайн Делан дуьхьа вай байракх ойур ю. Кхочушдойла Везачу Эло хьан дерриг а дехарш. Хьан токхечу цІийнах дузуш ду уьш. Хьайх долучу диканан хица хьогалла дІайоккху Ахь церан. Ярушалайман мехкарий, со Іаьржа ю, амма хаза ю, Къедаран четарш санна Іаьржа ю, Сулиман цІийнан шаршуш санна хаза ю.
Выбор основного перевода