Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Дийнан йовхо лагІъеллачу хенахь бешахь лелаш волчу Везачу Делан аз а хезна, адам а, цуьнан зуда а бешан дитташна юккъехь къайладелира Цунах. Сайн везарган аз хеза суна! Иза вогІуш ву, лаьмнашна тІехула кхиссалуш, гунашна тІехула лелхаш. Сан хьомениг масарх я къоначу сайх тера ву. Тхан пенна тІехьа лаьтта иза, цІийнан корах чу а хьоьжуш, гурах чекх бІаьрг а бетташ. Де дохделла а далале, ІиндагІаш а дІадовдале, деза даьтта долчу лам тІе гІур ву со, хаза хьожа йолчу гу тІе хьалавер ву. Сан ненан некхах векхаш волу сан ваша хьо велахьара! ТІаккха, хьо урамновкъахь дуьхьалкхетча, ас барташ дохур дара хьуна, цхьа а кхаьрдар вацара сох. Цара эр ду: «ХьалагІовтта, дуьхьалдовла Ярушалаймана. Делкъахенахь тІамца цунна чугІуртур ду вай». Амма тІаккха эр ду: «Жолам! ХІинца тІаьхьа ду: суьйре тІееана, суьйренан ІиндагІаш дахлуш ду.
Выбор основного перевода