Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Цуьнан беснеш бецийн хаьснаш ду, хаза хьожа йолчу ораматийн хас ду. Цуьнан балдаш петІаматаш ду, шайх деза даьтта схьадолуш долу. КІархаш буьйхина хьан когаш ма хаза бу, баьччанан йоІ! Говзачу пхьеро кечдина жовхІарш санна, исбаьхьа ю хьан настарш. Латта гІайгІа а еш, гІел а луш Іуьллу. Ливанунан хьаннаш тІе эхь деана а, маргІалйоьлла а ю. Шарон-тогІи яьссачу аренах таръелла. Башан-мохк а, Кармал-лам а дерзина девлла, шайн дитташ тІера гІаш охьа а эгна. Яьсса а, екъа а аре йоккхаеш хуьлийла, эрна аре самукъадаьлла хуьлийла, акха зезаг санна цо заза доккхийла. ЧІогІа заза доккхуш хуьлийла и аре, йоккха а еш, самукъане иза кхойкхийла. Ливанунан сийлалла цунна дІалур ду, Кармал-ломан а, Шарон-аренан а исбаьхьалла цунна лур ю. Везачу Элан сийлалла гуш хир ю, вайн Делан исбаьхьалла гур ю. Бедар бахьана долуш са хІунда гатдо аша? Хьажал аренгахь тІедолуш долчу петІамат-зезагашка. Цара цхьа а тайпана къа а ца хьоьгу я шайна бедарш а ца тоьгу. Амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна.
Выбор основного перевода