Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Ма исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг, ма исбаьхьа ю! Кхокха санна, эсала а, хаза а бу хьан бІаьргаш! Ерриг а хаза ю хьо, сан хьомениг, цхьа а сакхт дац хьуна тІехь! Со йижина ю, амма сан дог сема ду. Сан везарган аз ду хезаш, цо неІ етта: «ДІаелла суна неІ, сан йиша, сан хьомениг, сан къоркхокха, сан дашониг! Сан коьрта тІехь тхи ду, сан месаш тІехь буьйсанан тІуналла ю». амма цхьаъ бен йоцург – иза ю, сан къоркхокха, сан дашониг. Цхьаъ бен яц иза шен ненан, ша йиначун къастийна ю иза. Мехкарша, иза ган а гина, декъалйира иза, зуда-паччахьаша а, гІарбаш-зударша а хастийра иза. Сан хьомениг, хьо сан бешахь Іаш ю. Сан накъостий хьоьжуш бу, хьан аз хазархьама. Суна а хазийтахьа иза. Йита гІаланаш, муабахой, тархашна юкъахь даха ховша. Хьеха чу воьдийла йолчохь шайн бенаш а дина, Іаш долу кхокхий санна хила. «Аса дохуьйту шу, берзалойн арданг юккъе уьстагІий ма-дахийттара. Цундела, текхарг санна, хьекъале хилалаш, кхокха санна, дагахь хІума доцуш а хилалаш.
Выбор основного перевода