Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Сан везарг соьга баха хІоьтти: «ХьалагІатта, сан хьомениг, сан исбаьхьаниг, араяла. Схьавола, сан хьомениг, аренга гІур ду вайшиъ, ярташкахь буьйсанаш йохур ю вайшимма. «Масала, эца комарийн диттах хьехам: цуьнан гаьннаш кІад а делла, гІа тосучу хенахь, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. Иштта, и хІуманаш кхочушхуьлуш шайна гича, хаа ду шуна Адамийн КІентан зама герга юйла а, Иза неІарехь вуйла а. Бакъдерг боху шуьга: хІара адамийн тІаьхье чекхъялале, хир ду и дерриге а. Іийсас иштта масална цхьа дустар далийра царна: «Хьовсал комарийн дитте а, массо кхечу дитташка а. Царна тІе гІаш девлча, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. Иштта ду кхузахь а, и хІуманаш хила доьлча, хаа ду шуна Делан Олалла гергга дуйла.
Выбор основного перевода