Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан бІаьргаш чохь деза а, хьоме а хьо хиларна, Хьо Сайна дезарна, хьох нах дІалур бу Ас, хьан синах халкъаш дІалур ду. Иштта боху Исраилан Везачу Дала, иза Кхоьллинчу Везачу Эло: «Сан берийн хиндолчух лаьцна Соьга хетта муха хІуьтту шу? Сан куьйгаша бан безачу балха тІехь Суна омра дан муха гІерта шу? „Суна евза шун халонаш а, шун къоьлла а, делахь а шу-м хьал долуш ду. Иблисан гуламах болчара, шаьш Делан нах болчу жуьгтех боццушехь, царах ду бохуш, шух лаьцна дуьйцу вон хабарш а Суна хууш ду. И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагІа а олу. Цо дерриг а дуьне Іехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира.
Выбор основного перевода