Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эпраймхоша а шаьш хестабо: «Вай дукха дика даха хевшина, вай шортта бахам гулбина. Цхьаммо вайна бехк буьллийла дац вай лелийначу къилахь долчунна», – бохуш. УьстагІий эцначара, дохко ца бовлуш, уьш дойу, ткъа уьш духкучара боху: „Декъала ву Веза Эла, со хьал долуш хилла!“ Церан-шайн Іушна а царах къа ца хета. Шу Іеха ма лолаш. Шух цхьанна ша, кху дуьненан хьекъалалле хьаьжжина, хьекъалалла долуш ву моттахь, тІаккха иза «сонта» хила веза, ша билггал хьекъале хилархьама. ХІинца-м шайна оьшург долуш ду моьтту шуна шайн. ХІинца-м шаьш хьал долуш а хета шуна. Тхо ца хиллехь а, шайх паччахьаш хилла моьтту шуна. Суна-м лаьара, хІинцале а шу билггал паччахьаш хилла хилар, тІаккха тхан а шуьца цхьаьна паччахьалла дойла хир дара!
Выбор основного перевода