Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийсас цаьрга элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: керла дуьне дІа а хІоттийна, Адамийн КІант Шен сийлахьчу паччахьан гІанта тІе охьахуун волчу хенахь, Суна тІаьхьахІиттина шу а цигахь хир ду. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу шийтта паччахьийн гІанташна тІе охьаховшур ду. Массо а хІума Дала леррина Къобалвинчун дола дІаделча, КІанта Ша а дІалур ву Делан дола, Шен кара дерриг а делла волу Дела массанхьа а массо а хІуманна тІехь Олахо хилийтархьама. Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тІера стом баа’“».
Выбор основного перевода